РУБРИКА «НОХЧИЙН МЕТТАН НИЙСАЙАЗДАРАН КОЬРТА БАКЪОНАШ».

05.12.2023
Цхьайттанна тIера берхIиттанна тIе кхаччалц долчу чолхечу масаллин терахьдешнийн ши орам цхьаьнакхетачохь хьалхарчу ораман чаккхенгарчу мукъачу элпана тIехьа «йтта», мукъазчунна тIехьа «итта» йаздо. Масала: цхьайтта, шийтта, кхойтта, дейтта, пхийтта, йалхитта, вуьрхlитта, берхlитта. #нохчийнметтаншо #къоманседарчий #нохчийнметтаннийсайаздаранкоьртабакъонаш #МовлинЗелимха #СоьлжаГlалиндешаранДепартамент