РУБРИКА «НОХЧИЙН МЕТТАН НИЙСАЙАЗДАРАН КОЬРТА БАКЪОНАШ».

23.04.2024
❗️Йукъарчу маьlнехь «республика» дош жимачу элпаца йаздо. Масала: Россина йукъайогlу республикаш; Къилбаседа-Кавказан республикаш. ❗️Долахьчу цlерашкахь-аббревиатурашкахь дерриге а элпаш даккхий йаздо. Масала: НР, РФ, НРIА, РIА, ЧГТРК, НПУ. Йукъара цIераш билгалйеш долу чолхе-дацдина дешнаш кегийчу элпашца йаздо. Масала: вуз, йуьртсовет, госхоз, районо. #нохчийнметтаншо #къоманседарчий #нохчийнметтаннийсайаздаранкоьртабакъонаш #МовлинЗелимха #СоьлжаГlалиндешаранДепартамен