РУБРИКА «НОХЧИЙН МЕТТАН НИЙСАЙАЗДАРАН КОЬРТА БАКЪОНАШ».

20.04.2024
❗️Дуьненан агlонийн цlераш шайн коьртачу маьlнехь кегийчу элпашца йазйо. Масала: къилбе, къилбаседе, малхбале, малхбузе. Нагахь и цlераш мехкийн цlерийн маьlнехь хилахь, уьш доккхачу элпаца йазйо. Масала: Генара Малхбале, Малхбузен пачхьалкхаш. ❗️Россин Федерацина йукъайогlуш йолчу республикийн цlерашкахь массо а дош доккхачу элпаца йаздо, ткъа областийн, округийн, крайн, автономин областийн цlерашкахь хьалхара цхьа дош доккхачу элпаца йаздо. Масала: Нохчийн Республика, Ставрополан край, Ростован область, Къилбаседа-Кавказан федеральни округ. #нохчийнметтаншо #къоманседарчий #нохчийнметтаннийсайаздаранкоьртабакъонаш #МовлинЗелимха #СоьлжаГlалиндешаранДепартамен