РУБРИКА «НОХЧИЙН МЕТТАН НИЙСАЙАЗДАРАН КОЬРТА БАКЪОНАШ».

16.04.2024
«Турпалхо» цIердешан йаздаран ши кеп йу. Сийлаллин цIеран маьIнехь иза доккхачу элпаца йаздо. Масала: Россин Турпалхо. Йукъарчу маьlнехь жимачу элпаца йаздо. Масала: романан турпалхо, майра турпалхой, туьйранан турпалхо, историн турпалхо. #нохчийнметтаншо #къоманседарчий #нохчийнметтаннийсайаздаранкоьртабакъонаш #МовлинЗелимха #СоьлжаГlалиндешаранДепартамент