РУБРИКА «НОХЧИЙН МЕТТАН НИЙСАЙАЗДАРАН КОЬРТА БАКЪОНАШ».

15.04.2024
Iилманийн, бIахаллин даржийн, гIуллакхаллин, сийлаллин цIераш жимачу элпаца йазйо. Масала: НР-н Iилманийн академин президент, инарла-лейтенант, инарла-майор, инарла-полковник, вице-президент, премьер-министр, Пачхьалкхан планови комиссин председатель, РСФСР-н хьакъволу артист, РФ-н халкъан хьехархо, НР-н халкъан артист. Церан легарехь тIаьххьара дош бен ца хийцало: инарла-майора, инарла-лейтенанта. Тlаьххьара ши дош хийцало хlокху цlеран: РСФСР-н хьакъволчу артистан. #нохчийнметтаншо #къоманседарчий #нохчийнметтаннийсайаздаранкоьртабакъонаш #МовлинЗелимха #СоьлжаГlалиндешаранДепартамент