РУБРИКА «НОХЧИЙН МЕТТАН НИЙСАЙАЗДАРАН КОЬРТА БАКЪОНАШ».

15.04.2024
Дезачу а, дагалецамийн а денойн цIерашкахь хьалхара дош доккхачу элпаца йаздо. Масала: Хьалхара май, Нохчийн зудчун де, Керла шо, Нохчийн меттан де, Толаман де. Нагахь рогlаллин терахьдош цифраца билгалдоккхуш хилахь, цунна тlаьхьадогlу дош доккхачу элпаца йаздо. Масала: 1-ра Май, 8-гlа Март. #нохчийнметтаншо #къоманседарчий #нохчийнметтаннийсайаздаранкоьртабакъонаш #МовлинЗелимха #СоьлжаГlалиндешаранДепартамент