РУБРИКА «НОХЧИЙН МЕТТАН НИЙСАЙАЗДАРАН КОЬРТА БАКЪОНАШ».

30.03.2024
Пачхьалкхийн, пачхьалкхан субъектийн, пачхьалкхан лаккхарчу органийн, оцу органийн куьйгалхойн даржийн а цIераш даккхийчу элпашца йазйо. Масала: Нохчийн Республика; Россин Федераци; lарбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ; Нохчийн Республикин Куьйгалхо; Нохчийн Республикин Правительство; Нохчийн Республикин Парламентан Председатель; НР-н Правительствон Председатель; Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администраци; Нохчийн Республикин Кхерамазаллин Кхеташо; Нохчийн Республикин Йукъараллин Палата; Нохчийн Республикин Конституци; Нохчийн Республикин Куйгалхочун буьйр; Нохчийн Республикин Правительствон сацам; Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин Куьйгалхочун сацам. #нохчийнметтаншо #къоманседарчий #нохчийнметтаннийсайаздаранкоьртабакъонаш #МовлинЗелимха #СоьлжаГlалиндешаранДепартамент