РУБРИКА «НОХЧИЙН МЕТТАН НИЙСАЙАЗДАРАН КОЬРТА БАКЪОНАШ».

21.03.2024
Доккхачу элпаца йазйо: 1. Долахь цlераш (адамийн, дийнатийн, хlуманийн, пачхьалкхийн, гlаланийн, йартийн, и. д. кх. а). Масала: Зина, Роза, Луиза, Хьава, Хеда, Зулпаъ, Мохьмад, Ахьмад, Терк, Орга, Москва, Алма-Ата, «Исламан зlаьнарш», «Даймохк» газет; «Алун шераш», «Зеламха» цlераш йолу книгаш; Ча такхийна тача, Барза, Хьама, Шарик, Кlорни, Чухаш, Тулам. 2. Предложенин хьалхара дош. Масала: Мархех халла чекхйуьйлучу маьлхан зIаьнарша таьIно къегадора башлаьмнийн кортош. (Сулаев М.) #нохчийнметтаншо #къоманседарчий #нохчийнметтаннийсайаздаранкоьртабакъонаш #МовлинЗелимха #СоьлжаГlалиндешаранДепартамент