РУБРИКА «НОХЧИЙН МЕТТАН НИЙСАЙАЗДАРАН КОЬРТА БАКЪОНАШ».

06.03.2024
1 п. Дош сехьадоккху дешдакъошца. Масала: ла-ми, га-ли, ча-ми, ил-ли, ол-ха-зар, мел-ла-ша, эм-кал, ич-чар-хо, дlа-дий-ши-ра, схьа-чlа-гlа, тlе-тат-та, хьа-ла-эца, тlоь-ху-ла-то-сург, ле-ци-ра, ме-ли-ра, во-та, доьх-ка, мер-за, къах-кий-ра, хат-тар, дий-цар, сал-лар, кхал-лар, кхос-сар, хат-тар, дат-тар, бат-там, дил-ли-на, йит-ти-на, хаьд-да, аьл-ла, йаьл-ла. 2 п. Цхьана дешдекъах лаьтта дош декъа ца мега. Масала: лам, лом, диг, некъ, элп, говр, аз, зил, сиз, кхаж, жарж. 3 п. Дош сехьадоккхуш цхьа элп хьалхарчу могlанехь дита а, сехьадаккха а ца мега. Масала: ага, ога, эша, угlа. #нохчийнметтаншо #къоманседарчий #нохчийнметтаннийсайаздаранкоьртабакъонаш #МовлинЗелимха #СоьлжаГlалиндешаранДепартамент