РУБРИКА «НОХЧИЙН МЕТТАН НИЙСАЙАЗДАРАН КОЬРТА БАКЪОНАШ».

04.02.2024
ЧIагIдаран дакъалг «ма», шеца лелачу дешан орамера мукъаза аз шалхадалахь, дефисца йаздо, ца далахь, къаьстина йаздо. Масала: Оха ишколехь lамадо ма-дарра а, лач а къамелаш. Дукха генахь ма дара и. Шена ма-хетта - иштта ма хета; ма-хиллара - иза кlеда ма хуьлу; ша ма-варра - и ша ма вара; кхосса ма-веллинехь - и лекха ма кхоссало; шен ма-хуьллу - цунна-м ма хуьлу и; чкъург ма-хьаьвзза - чкъург ма хьаьвза цуьнан; стигал ма-ййу - стигал сирла ма йу. #нохчийнметтаншо #къоманседарчий #нохчийнметтаннийсайаздаранкоьртабакъонаш #МовлинЗелимха #СоьлжаГlалиндешаранДепартамент