РУБРИКА «НОХЧИЙН МЕТТАН НИЙСАЙАЗДАРАН КОЬРТА БАКЪОНАШ».

01.02.2024
Дакъалгаш «кх», «кхи», «кха», «м», «х», «теша», «те», «техьа», «ца» дефисца йаздо. Масала: Аьллий-те? Хезний-техьа? Йаздиний-теша? Асета-м пхиъ даьккхина сочиненина. Иза-х аьллий цо. Цо йазйина-кх сочинени, цхьа а гlалат доцуш. Иза иштта аьлла-кхи цо. Иза иштта аьллий-ца цо?! Иштта бохурий-ца цо?! #нохчийнметтаншо #къоманседарчий #нохчийнметтаннийсайаздаранкоьртабакъонаш #МовлинЗелимха #СоьлжаГlалиндешаранДепартамент