РУБРИКА «НОХЧИЙН МЕТТАН НИЙСАЙАЗДАРАН КОЬРТА БАКЪОНАШ».

27.01.2024
«Чу», «тIе», «тIаьхьа», «тIоьхула», «чухула» дешхьалхе а, дештIаьхье а хуьлий лела. Масала: 1. хи чу доьжна кехат (стенна чу?) - хи чудоьжна (лахделла); 2. тхов тlе тlулг кхетта (стенна тlе?) - тхов тlекхетта; 3. Асланбекал тlаьхьа вогlура Керим (хьанал тlаьхьа?). - Асланбекана больнице тlаьхьавогlура Керим (хlун дора?). #нохчийнметтаншо #къоманседарчий #нохчийнметтаннийсайаздаранкоьртабакъонаш #МовлинЗелимха #СоьлжаГlалиндешаранДепартамент